Присоединяйтесь к сообществу:
  • tweetter
  • mail

Семинар-практикум

2023-чу шеран гIуран беттан 12-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь Дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо – хьехархошна нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбарехь методически гӀо-накъосталла дар.

Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Рукъманан Муса.